Гимн ЧРТЕКСТ ГОСУДАРСТВЕННОГО ГИМНА ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ (слова Х-А. Кадырова)
Харцоно ц1е тесна, хийла хьо йагарх, нохчийчоь ца йоьжна — г1еттина йаха, Кавказан ткъес хилла — маршонан ага, Хьан лаьттан сий дина йахь йолчу наха.
*** Барт болу хьан къаьмнаш — мах боцу беркат! Хьо йоцург Нана йац нохчийн халкъ хьаста Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.
***
Башламан баххьашка дайн синош дуьссу. Органан тулг1ено ненан мотг буьйцу, Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехъ делла! Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!
*** Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна, Хьайн халкъан лерамбар кхаъ хуьлда хьуна, Машаран г1аролехь ирсан некъ тайна, Сий долуш, Нохчийчоь йехийла тхуна!».
|